Методический конспект урока
Автор: Эльдаров Арби Абдулкахирович
Организация: МБОУ «Ойсхарская средняя школа №4 им. Р.Х. Каимова»
Населенный пункт: Чеченская Республика, г.Ойсхара
Нохчийн меттан урок
7 класс.
Тема: « Лааме а, лаамаза а причастеш»
Модуль: Причасти
Тема: Лааме а, лаамаза а причастеш.
Дешархочун 1алашо: (х1ун хуур ду, стенна 1емар ву урокехь)
- лааме а, лаамаза а причастеш муха кхоллало?
- причастеш муьлхачу къамелан декъаца лела а, предложенехь уьш къасто хаар;
- причастех пайда а оьцуш, дешнийн цхьаьнакхетарш х1итто хаар.
- къамелехь суртх1отторан лааме а, лаамаза а причастеш йало хаар;
-Нохчийчоьнан дахарх лаьцна дийцар причастех пайда а оьцуш.
Хьехархочун 1алашо (урхаллин кепехь: вовшахтохар, 1амор, кхета г1о дар)
Дешаран: лааме а, лаамаза а причастех дешархошна кхетам балар. Причасти хенаш, цуьнан грамматически билгалонаш карлаяхар; кхиоран: берийн ойла дешарна т1еерзор; кхетош-кхиоран: нохчийн матте болу безам кхиор.
Кхиоран: Къамелехь лаамаза а лааме а причастех нийса пайдаэцар.
Кхетош-кхиоран: Нохчийчоьнан 1аламах лаьцна долу хаарш т1едузар.
Т1етовжаран кхетамаш : лаамаза а, лааме а причастеш билгалъяха, йийца церан хенаш.
Керла кхетамаш :
жут, г1аролаш, баххьаш,
Урок д1аяхьар
- Вовшахтохаран мур.
Салам маршалла хотту. Хьехархочо дешархойн урокана кечам толлу.
- Мотивацехула актуализаци:
Хьехархо: Бераш, тахана вай шуьца дагадоуьйтур ду причастех вайна хуург. Вай лаамазаа, лааме а причатех пайда а оьцуш, дешнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш х1иттор ю.
Х1инца вай ловзур ду «Сиха хьан?» бохучу ловзарх.
- ловзу бераш
- екхна стигал
- язден долу диктант
- декхна де
- хазъелла беш
Х1окху лаамаза причастех вай лааме причастеш кхуллур ю .
Хьехархо: Муха кхоллало лааме причастеш? Муьлха суффиксаш т1екхетарца кхоллало лааме причасти?
1.Т1ЕДИЛЛАР
- Шина а терахьехь лаамаза причастеш лаамечу кепе а ерзош, схьаязде.
- Кеп: Лайна хало, лайнарг, лайнарш.
- Тобанашкахь болх.
Дешархойн цхьана тобано лааме причастеш ялайо, вукхара уьш лаамза йо. Юха, уьш юкъа а ялош, масех предложени х1оттайо.
(1уьллу ло - 1уьллург, хьожу к1ант - хьожург, дуьйцу къамел - дуьйцург, олу дош - олург, тоьхна т1ара - тоьхнарг, бог1у б1о - бог1ург, аьхна гота - аьхнарг, лета ж1аьла - летарг, лела ч1ара - леларг, лаьтта стаг - лаьттарг, молу хи - молург, лозу корта - лозург, боду моьлкъа - бодург, воьлу да - воьлург, хаьдда т!ийриг - хаьдцарг, туху вота - ту- хург, бехдина сий - бехдинарг, леста rla - лестарг).
- Барта кхочушдо № 66 шардар.
Х1орамма а ша бо болх, цул т1аьхьа паранашца (дийцаре дуьллу).
Д1аеша предложенеш. Т1адамийн метта маь1ница йог1у причастица т1еюза предложенеш. Вовшех юста, башхаллаш йийца.
- Дехха лийлира берашна … орца.
- Ткъа шена … кхерамах ларвеш 1едал ду вайн.
- Шайна х1ума эца г1ала … ц1а бахка хьебелира.
Масех дешархочо д1айоьшу предложенеш. Предложенешна юкъара башхалла юьйцу. Нийса жоп делла дешархой хастабо.
2. Т1ЕДИЛЛАР
Вайн болх д1аболабалале, ас йовзуьйтур ю болх талларан критереш.
т1едилларан критереш.
Мах хадоран критереш
Причастех нийса пайдаэцар |
|
Причастиш нийса йалийна |
2 балл |
1-2 гIалат далийтина |
1 балл |
3 я цул сов гIалат далийтина |
0 балл |
Грамматически бакъонаш ларъяр |
|
Грамматически гIалат дац, я 1-2 гIалат далийтина |
1 балл |
3я цул сов гIалат далийтина |
0 балл |
Лаккхара балл - 3 |
|
Т1едиллар. Т1ера схьаязъе, т1адамийн меттана дешнех маь1ница дог1урш а дохкуш, д1аязъе предложенеш . (5 минот)
Уггар хьалха … таманцийн, куринцийн пхеа ротано ц1анйира юрт. Т1ом сецча, юрт … Абросимовна хьалха ирча сурт х1оьттира. Хьалха … нехан кортош т1ехула лаккха айбина йохьуш кхоъ байракх гора. Шелахоша … 1аьлбага Нохчмахка вухаваларх боккха кхаъ хилира г1алин мещанашна.
Болх кхочушбина девлча, хьехархочо дешархошка вовше белхаш талла олу, лакхахь ялийначу критерех пайда а оьцуш.
3.Т1едиллар.
Язъе текст-суртх1оттор «Даймекан турпалхойх» (10 минот)
2-чу т1едилларан критереш. Мах хадоран критереш.
Причастех нийса пайдаэцар |
|
Причасти нийса йалийна |
2 балл |
1-2 гIалат далийтина |
1 балл |
3 я цул сов гIалат далийтина |
0 балл |
Суртх1отторехь алсам билгалдешнаш далор |
|
Суртх1отторехь причастеш йалийна |
1 балл |
Суртх1отторехь причастеш ца йалийна |
0 балл |
Лаккхара балл - 3 |
|
Жам1ийн диагностика.
Т1еюза предложенеш.
- Лаамаза причасти муьлхарг ю … ?
- Лааме причасти муха кхоллало… ?
- Причастин коьрта маса хан ю … ?
- Причастеш муьлхачу терахьашкахь лела …?
- Къамелехь причастех пайдаоьцу … ?
- Щахь бан болх: шардар № 68, дагахь 1амо бакъо.
Хьехархо: Жима дийцар х1оттаде х1окху цхьана темина: «1ай лаьмнашкахь», «Олхазарийн дуьне».
Хьехархочо йовзуьйту, ц1ахь бечу белхан, мах хадоран критереш.
Мах хадоран критереш
Причастех нийса пайдаэцар |
|
Причастеш нийса йалийна |
2 балл |
1-2 гIалат далийтина |
1 балл |
3 я цул сов гIалат далийтина |
0 балл |
Суртх1отторехь алсам причастеш йалор |
|
Суртх1отторехь причастеш йалийна |
1 балл |
Суртх1отторехь причастеш ца йалийна |
0 балл |
Грамматически бакъонаш ларъяр |
|
Грамматически гIалат дац, я 1-2 гIалат далийтина |
1 балл |
3я цул сов гIалат далийтина |
0 балл |
Лаккхара балл - 4 |
|
Рефлекси
Белхан |
Шен г1уллакхдаран (деятельности) |
Шадериге дика ду, урок хазахийтира |
Со реза ву(ю) сайн балхана |
Вон дацара, делахь кхин а дика хила тарлора |
Сан шадерриге ца нисделира, соьга кхин а дика болх бан лур бу |
Сингаттаме дара |
Ас вон болх бира урокехь, со сайна реза вац(яц) |