Конспект урока
Автор: Арсанукаева Мадина САйдаевна
Организация: МБОУ «Алпатовская СОШ им. В. Т.Малиновского»
Населенный пункт: Чеченская Республика, с.Алпатово
1.Урокан тайпа: керла хаарш довзаран урок
2.Урокан 1алашо: Дешархойн аларан 1алашоне хьаьжжина предложенеш къасторан говзалла кхиор.
3.Кхочушдан лору жам1аш:
Личностни: ненан мотт Ӏамор, Россин Федерацин а, шен къоман а, Россин къаьмнийн а истори, культура йовза лууш хилар; дуьне довзаран гӀирс санна меттан а, йешаран а культура карайерзор.
Метапредметни: дуьне довзаран гӀирс санна меттан а, йешаран а культура карайерзор; догӀуш долу хаттарш хӀиттор, шен лаамехь лоьхучу хаамашна жоп лахар;
Предметни: Аларца предложенеш тобанашка нисйар: дийцаран, хаттаран, айдаран. Къамелан 1алашоне хьаьжжина предложенеш йеша хаар, церан пунктуаци нисйар
4.Коьрта дешнаш: пунктуаци, синтаксис, интонаци
5.Базови кхетамаш: хаам, хьаьрк.
6.Урокехь дан лерина г1уллакхдаран некъаш:
- Хаарш зер (хаарийн актуализаци)
- Iаматца болх бар
- Текстаца болх бар
- Хаттарш, т1едахкарш
- Маххадоран кехаташца болх бар
БЛОЧНО- МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХ1ОТТОР.
БЛОК 1. Мотивацин-Ӏалашонан мур. Темина т1е вар, керла материал синкхетамца тӀеэцаран хьелаш кхоллар.
Модуль I.I. Проблемни хьал.
А) Ц1ена йаздаран минот
Пп пр ре ед дл ло ож же ен ни ие
-Дош вовшахтаса оцу элпех. Х1ун хили? (Предложени)
-Предложени кхолла и дош йукъахь долуш.
Д1адеша д1айаздинарг, ойлайе, муьлха мог1а предложени йу ала мегар ду.
т1ехь, кхиъна,кхаш,йалта;
сиха, аьхке, мел,чекхйелира;
мархаш,стиглахь.
-Х1ун йу предложени?
Модуль I.2. Ӏалашо хӀоттор.
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?
-Тахана вай кхин д1а предложенеш т1ехь болх д1ахьур бу. Ткъа билггала х1ун 1амор ду вай предложенех лаьцна шуна хуур ду дешнийн рог1алла д1анисйича:
Аларан//хьаьжжина//1алашоне//предложенийн//тайпанаш.
-Вай дагадаийта деза тахана:
-Аларан 1алашоне хьаьжжина предложенийн тайпанаш
-Интонацига хьаьжжина предложенийн тайпанаш.
1амо деза :
Текст йукъахь тайп-тайпанчу кепара предложенеш схьакаро .
Шаьшша предложенеш х1итто.
БЛОК 2. ГӀуллакхан мур.
Модуль 2.I. Актуализаци йар, хаарш карладахар.
ХААРШ ЗЕР (ТЕСТ)
Нийсаниг къастаде.
1. Шегахь дийцар долчух дийцаран предложени олу
а)Нийса ду +
б)Нийса дац
2. Дийцаран предложенеш билгалйаха.
Т1екхечира йочане гуьйре.
Ма самукъане ду-кх дуьненахь ваха!
Схьахетарехь, хIокху новкъа иштта дIавахча, дара-кх тхан цIенош, – элира Александра.(Г.1)
3. Хаттаран предложени билгалйаккха.
Шайхи, хьо маца веана?
Мел хаза ду тахана де!
Ахчанах хьекъал эцалур дац. (Кица.)
4. ТIедиллар, тIедожор, дехар гойтучу предложених тIедожоран предложени олу.
- Нийса ду +
- Нийса дац
5. Текст йукъара айдаран предложенеш билгалйаха терахь дилларца.
Нохчий, оьрсийн полковникан Iодика йеш, йуха а бирзина, буьйлабелла шайн новкъа бевлира.
(1)Тамара шен отте цхьаъ-м элира. (2)Отта, хьаьдда нохчашна тIаьхьа а вахана, церан маттахь вистхилира цаьрга:
– (3) Аша хIун до, нохчий? (4) Ахча ца деза шуна? (5)Аша веанчу Багратионих и шортта лур ма ду!
(6)Лекхачу нохчочо, тамехь корта хьала а тосуш, шечарах бIаьрг тоьхна, йуха отте хьаьжна, элира:
– (7) ХIан-хIа. (8)Къонахаша къонахий бухкуш ца хуьлу!
(Л.Ш. Авалианин текстан буха тIехь)
(Жоп:5,8)
Вовшийн белхаш таллар. Маххадоран кехаташ тIе баллаш йахкар. (хIора тIедилларна нийса жоп - 1 балл)
Модуль 2.2. Керла материал карайерзоран дешаран гӀуллакхаш кхочушдар.
Iамат т1ера Дийцаран, хаттаран, айдаран, тIедожоран
йешар, хаттаршна жоьпаш далар.
1.ДичадохковерволухIумамадечIерананекамахьехавочудашахмоттларбекъоланах куьгларде
- Деша уьн т1ехь йаздинарг.
- Кхетий шу оцу йозанан маь1нех? Х1унда ца кхета?
- Цхьанна а хуур. дарий и йоза кхетачу aгlopa нийса д1айаздан? . Дича дохковерволу хIума ма де. ЧIерана нека ма хьеха. Вочу дашах мотт ларбе, къоланах куьг ларде.
- Х1ун ала мегар ду вай д1айаздинчух:
а) дешнийн цхьаьнакхетарш;
б)предложенеш;
в) дешнаш.
- Х1унда олу царех предложенеш? (Предложени д1айолалуш доккхачу элпаца йазйо, цунна йукъа догly дешнаш вовшашца уъйр йолуш хуълу, предложенино чекхйаълла ойла гойту).
- Кхин йуй вайна хууш предложенин билгалонаш?
- Йу. Предложени йешаран шен интонаци йу. Предложенин чаккхенгахь оьшуш йолу хъаьрк xloттaйo (т1адам йа хаттаран, йа айдаран хъаьрк).
Хьехархочун дош:
I. Предложени ойланан а, къамелан а уггар цхьалхе дакъа ду,
масала: ТIекхечира беркате гуьйре.
Предложенеш, дIааларан эшаре хьаьжжина, дийцаран, хатттаран, айдаран, тIедожоран хуьлу.
1амат т1ехь болх.
Шардар ДIайеша. Предложенин тайпанаш билгалдаха къовларшна йукъахь. 1. Пеша кIел Iаьржа цициг Iуьллура. (С.Б.) 2. Барт цхьаъ хуьлда шун! (I.Г.) 3. Сискал йина ца
йаьлла вайн? (С.Б.) 4. ХIай-хIай, и ду хьуна дош. (Р.Х.) 5. Йахийтал кхузара хьайн алаша, хIокху сохьта! 6. Мохь стенна хьоькху ахь? 7. ЦIе хIун йу хьан? 8. Селхана кхечира со Пятигорске. 9. Делахь,ахь со тилийна, Iехийна йалийна хилла-кх! (С.Б.) 10. ХIара хьенан мила йу те? (I.Г.) 11. Ой,йевзи-кх хьуна хIара! (I.Г.) 12. Хьенан йу? (I.Г.) 13. Каметас меллаша бIаьргаш биллира. (I.Г.) 14. Дерриге адукха сиха хилира (I.Г.) 15. Ша воьдучу йуьрта цIе йаьккхира кIанта. (Хь.С.) 16. Меллаша охьа а таьIна,шен карара кIорни охьайиллира кIанта. (Хь.С.)
Тобанашкахь болх.
Дешнаш йукъа а далош, предложенеш хIиттайе масссо а тайпана. Сацаран хьаьркаш хIитторан бакъо йийца.
ВогIий, йешний, кхийтирий, хIун аьлла, ма эцалахь, лекха лаьмнаш, мел исбаьхьа, ма ала соьга, мохь туьйхира, эхI, вададай.
БЛОК 3. Рефлексивно-маххадоран мур. ЖамӀдар, цӀахь бан болх.
Модуль 3.I. Ша шен маххадор, ойла йар.
Хаттарш, тIедахкарш
-Вайн урок чаккхене йоьдуш йу. И эрна йахана цахилар гайтий вай. Предложенеш муха хуьлу карладаьккхина а ца 1аьш, вай 1еми вайн хаарех пайда эца а.
Шардар «МИКРОФОН»
-Чекхйаккха предложени:
- Предложении – иза…
- Д1аларан эшаре хьаьжжина предложенеш хуьлу…
- Дийцаран предложенин чаккхенгахь буьллу …
- Хаттаран предложенин чаккхенгахь -
-Айдаран предложенин чаккхенгахь …
- Т1едожоран предложенин чакххенгахь …
Вовшийн белхаш таллар. Х1ора нийсачу жоьпана 1 балл.
Модуль 3.2. Урокан жамӀийн маххадор. ЦӀера болх.
Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана а.
Дешаран гӀуллакхийн рефлекси.
-ХIун Iеми вайна?
-Хала х1ун дара?
-Ца кхеташ х1ун дисна?
ЦIера болх
1. §32, шардар 72
2.Исбаьхьаллин литератури т1ера схьайазйе х1ора предложенин тайпана кхоккха предложени.
БЕСПЛАТНЫЕ семинары


